ycliper

Популярное

Музыка Кино и Анимация Автомобили Животные Спорт Путешествия Игры Юмор

Интересные видео

2025 Сериалы Трейлеры Новости Как сделать Видеоуроки Diy своими руками

Топ запросов

смотреть а4 schoolboy runaway турецкий сериал смотреть мультфильмы эдисон
Скачать

Фотографии былых времён. СССР 70-х Чеченская республика, Курчалоевский район с. Аллерой 1971год.

Автор: IMRAN BEY_95

Загружено: 2021-01-12

Просмотров: 725

Описание: "Шуьнехь Дош"

«Къонаха мила ву?
И меллалц веха?» -
Хаьттира ахь соьга
Шуьнехь 1аш вай.
Дерриг а дуьне ду
Къонахчун меха.
Х1ар дуьне-м къонахийн
Белшаш т1ехь дай.

Ламанца дин лелац,
Ца хилча ленаш,
Уьш кхачаделлачохь
Соцуш бу дин…
Иштта бу къонахий,
Х1ар дуьне латтош.
Къонахий д1абевлча –
Духур ду и.

Къонаха – дахаран
Синпхенийн мерз бу.
Къонаха – дуьненан
Г1айг1анийн шад.
Цо ларйо дахаре
Вайн йолу марзо.
Къонаха – пха кхосса
Дуьйлина 1ад.

Къонаха вехийца
Даймехкан сийнна,
Даймехкан сий лардеш,
Вала и ле.
Ле иза, кхин ваха
Ца лууш сана,
Ленвоцчу сийлалле
Кховдаеш ц1е.

Ца лууш ца ле и
Вайначул ваха,-
И вайна, махкана
Хьалхара ле.
Х1ар дуьне мел деха,
Къонахий беха:
1ожало лийр йоцчу
Сийлалле хьош.

Терзан т1е ца дуьллу
Цо деший, даьхний
Халонехь хадочохь
Хьуьнаран мах.
Ахь дуьне мах болу
Шен корта буьллу,
Вайн маршо ларъечохь
Саг1а дой шех.

Къонахийн собар ду
Лекха лам баккхал,
Собар ду сов доккха,
Кхача ца луш.
Къонахийн собар
Кхачийча-м, боккъал,
Х1ар маьлхан вайн дуьне
Духур ма ду.

Дуьненан машарна
Г1ароллехь лаьтташ,
Сийлаллин таж ма ю
Церан само.
Къонахийн само
Артъеллачу меттехь
Мостаг1 ву кийча 1аш
Дуьне дохо.

Той кхолуш х1оттаде
Боцчарна г1анташ.
Дийначел дийна бу!
Вайца бу уьш!
Къонахийн сий хуьлда!
Г1овтта вай, к1ентий,
Хьакъ долу сий, хастам
Царна а луш.

Къийсамна хьалха бу
Байракхан суьртахь,
Лийр йоцчу сийлалле
Шаьш дуьгуш вай…
Дерриг а халкъаша
Г1улч туьйсу бертахь,
Доьлху уьш ирс долчу
Хьалхенга шайн.

«Къонаха мила ву?
И меллалц веха?» -
Хьаттира ахь соьга,
Шуьнехь 1аш вай.
Дерриг а дуьне ду
Къонахчун меха.
Х1ар дуьне-м къонахийн
Белшаш т1ехь дай!

Ахьмад Сулейманов.

Не удается загрузить Youtube-плеер. Проверьте блокировку Youtube в вашей сети.
Повторяем попытку...
Фотографии былых времён. СССР 70-х    Чеченская республика, Курчалоевский район с. Аллерой 1971год.

Поделиться в:

Доступные форматы для скачивания:

Скачать видео

  • Информация по загрузке:

Скачать аудио

Похожие видео

© 2025 ycliper. Все права защищены.



  • Контакты
  • О нас
  • Политика конфиденциальности



Контакты для правообладателей: [email protected]