Нохчийн Къоман Къонахойн Тоба

Нийсо--Тешам--Низам--Барт---Толам--Маршо


Уггар сийлахь ц1е ю - нана,
Маьлхан нуьрехь къегарехь...
Уггар сийлахь къонах дош ду
Вайн ц1ердешнийн  легарехь!

Чинех уггар лакларачарел
Хилла даим Къонах-чин!
Цуьнга кхача хьуьнар  делахь,
Сий ма дайа вайн нохчийн!

...Йоккха-топ яц ас кхоьссинарг...
Кхоьссинарг ду буьрса дош!
И т1ехтилахь, гур ду хьуна,
Сайн шаьлтан т1е  ас ка хьош!

Ахьмад СУЛЕЙМАНОВ